Медицинин санитарин керла беркема далийна Нохчийчу

Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствон хьашташ карарчу шарахь кхочушдеш санитарин авиацин керла беркема хир ду.

2023-чу шарахь, планаца а догӀуш, 129-зза гӀатто дезаш ду иза.

Хьалхара рейс хӀинцале а йина — Невран кӀоштара дархо Соьлжа-ГӀала схьавалийна.

Билгалдоккху санитарин авиаци вайн махкахь 2020-чу шарахь дуьйна болх беш хилар.

Иштта, цуьнан хьашташна йан йолийна 5 майда а йу 2022-чу шарахь: 1️⃣ТӀехьа-Мартан кӀоштахь, 2️⃣Теркан кӀоштахь, 3️⃣Шелковски кӀоштахь, 4️⃣Нажи-Йуьртан кӀоштахь, 5️⃣Шуьйтан кӀоштахь.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: