Нохчийчохь дӀатардинчу Къоман гвардин 2 дéкъан бӀаьхошна керла буьйранчаш бовзийтина Кадыров Рамзана

Россин Федерацин Къоман гвардин Нохчийн Республикехь дӀатардинчу 2 декъан бӀаьхошна керла буьйранчаш бовзийтина Кадыров Рамзана.

Къоман гвардин директоран Золотов Викторан омрица керлачу дарже хӀоттийнарг Магомадов Хас-Мохьмад а, Исмаилов ИбрахӀим а ву.

Магомадов Хас-Мохьмад Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседе-Кавказан округан Кадечу Ӏалашонийн къаьстинчу 46-чу тобанан кадечу Ӏалашонийн 94-чу полкан куьйгалле хӀоттийна.

Ткъа Исмаилов ИбрахӀим — Россин Къоман гвардин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Кадечу Ӏалашонийн къаьстинчу тобанан лерринчу 141-чу «Север» полкан куьйгалле.

Шен къамелехь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана билгалдаьккхина и ший а майра, доьналле, тешаме эпсар хилар, терроризмаца къийсам латторехь а, тӀеман леррина операци дӀайахьарехь а лаккхара хьуьнарш гайтина а волуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: