
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дӀаболийна Россехь цӀейаххана мультфильмаш нохчийн матте йахаран болх.
ЦхьамогӀа мультфильмаш нохчийн матте йахаран а, «Грозный» НПТРК-н а, А-Хь.Кадыровн цӀарахчу «Путь» ТРК-н а, «Вайнах» ПТРК-н а эфирашкахь уьш гайтаран а хьокъехь мультипликацин фильмаш йахаран Россерчу анимацийн студешца а, компанешца а барт хилла.
Цул сов, лакхахь хьахийнчу телерадиокомпанийн эфирашкахь гайтарал сов, церан YouTube-агӀонашкахь а йаржор йу уьш.
Йерриш а уьш тайп-тайпанчу мультфильмийн 700 сов сери хир йу.
ХӀинцале а царах нохчийн матте йаьккхинарг 45 сери йу.
Кеста дӀаболор бу уьш эфирашка йахаран болх а.
Оцу хьокъехь хаам бина къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.