Пачхьенерчу Висаитовн кӀоштахь схьадиллина керла маьждиг

Соьлжа-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштахь схьадиллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дина рогӀера маьждиг.

Иза схьаделларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, Ӏеламнаха а, меттигерчу бахархоша а.

Маьждиган хьокъехь аьлча, 2 эзар сов стагана лерина ду иза, шен уьйтӀахь 64 мутаӀеламна лерина хьуьжар а йолуш.

Цул сов, 2 момсар а йу цуьнан, хӀора а 28,5 м лекха а йолуш.

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зӀенаш латторан департаментан хаамца а догӀуш, и маьждиг 1 381-ра ду вайн махкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: