Тахана Соьлжа-ГӀалин урамашкахь дӀасайекъна Нохчийн Республикин Конституцин 20 шо кхачарна леринчу «Даймохк» а, «Вести республики» а газетийн лоьмарш.
Масала, «Даймохк» газетехь нохчийн маттахь йара Нохчийн Республикин йерриге а Конституци, ткъа «Вести республики» тӀехь — Конституцина лерина а, цуьнца йоьзна а материалаш.
Бахархоша хазахетаршца тӀеийцира и маьӀне болам.