Вайна массарна вевзаш волчу Нохчийн Республикин халкъан артистан Исраилов Хожа-Баудин дуьххьарлера карикатура «Ленинан некъ» (х1инца – Даймохк) газет тIе туьйхира. 1973-чу шарахь. Цу хенахь 20 шодара цуьнан. ХIетахь газетан коьрта редактор Габисов Бийсолта хилла. Ша цунна дуьххьара тIевахана де селхана хилча санна дагадог1у цунна:
«Со хIетахь къона вара. ЧIогIа эхь хеташ а вара. Нохчийн маттахь арахоьцу цхьаъ бен доцчу газете со вог1уш сакарзахе вара со. Коьрта редактор Габисов Бийсолта волчу чу вахара со. Цуьнца къамел хилира. Со цIера мичара ву а, со мичахь доьшуш ву а хаьттира цо соьга. Цо деллачу хаттаршна ас жоьпаш делира. Юха суо карикатураш йохкуш хилар хаийтира ас цуьнга. И хиъначу Бийсолтас суна тема елира. Ша еллачу темина карикатура йилла элира цо соьга. ЧIогIа гIадвахна цIа вахара со…», – боху Хожа-Баудис.
Газетан коьртачу редактора шолгIачу дийнахь схьаян аьлла хиллера карикатура. Хазахетта, цIа ваханчу Хожа-Баудис-м дукха чехка, чу садиллина йиллира карикатура. ШолгIачу дийнахь шен болх бохьуш газете веара иза. Редактора чIогIа хастийра цуьнан болх. Цунна кхин а боккха кхаъ хиллера Бийсолтас шен карикатура газета тIетухур ю аьлча. Иштта, 1973-чу шеран 27 июнехь «Ленинан некъ» газета тIе туьйхира цуьнан дуьххьарлера карикатура. Нохчийн маттахь долчу газета тIехь шен карикатура гича, дозалла дира цо. ХIетахь Ленинградерчу театран, музыкин, кинематографин институтехь актерски факультетан очни отделенехь доьшуш вара иза. Цигахь актеран корматалла караерзош волчу Хожа-Баудис шен мукъа еанчу хенахь карикатураш йохкура. Цо ехкина карикатураш кест-кеста газета тIе тухуш хилла. ТIаккха – почтехула цунна газеташ дохьуьйтуш. Цул сов, гонорар а йоьуьйтуш хилла. ХIетахь студент хиллачу цунна цунах гIуллакх а хуьлура. Цул тIаьхьа кхечу газеташна а, журналашна а тIетухура цуьнан белхаш.
Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIаихна… Хьалха «Ленинан некъ», хиллачу хIинца «Даймохк» газетан редакцин лараме хьаша ву Исраилов Хожа-Бауди. И редакце веача, самукъадолий хьаьвза газетан белхахой. «Даймохк» газет доьшуш хазахета цунна.
«Нохчийн къомах болчу наха шайн ненан мотт бийца беза. Шен ненан мотт бицбина, оьрсийн мотт буьйцуш хилча хаза ца хуьлу. Уггаре а хьалха нохчаша лара дезаш ду вайн къоман газет. ТIаккха бен лорур дац и кхечара а. ХIора доьзалехь деша деза нохчийн газет. Дай-наноша марздан деза иза шайн доьзалшна. Муьлхха а газет – иза хьехархо лара мегар ду, хIунда аьлча, цо гIиллакх-гIуллакх, дуккха а кхидерг хьоьху», – бохура цо.
ЛОРСАНОВА Зарета
Авторан сурт
№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо