«Чаборз» машенашна реза бу тӀеман операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой

Россин гӀаролан министерствона йукъайогӀучу лерринчу Ӏалашонийн нохчийн «Север-АХМАТ» полкан буьйранчас Зингиев Зайндис лаккхара мах хадийна «Чаборз» машенийн.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхойн эвсаралла лакхайаккхарехь шайн жигаралла гайтина оцу машенаша.

«Вайн бӀаьхошна мел оьшург кхидӀа а латтор ду вай, шайн могӀарехь герз а, техника, цӀейаххана «Чаборз» машенаш а йолуш«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: