
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан 2 кӀант — Кадыров Ахьмад а, Кадыров Адам а — билгалваьккхина «За отличие в борьбе против терроризма» мидалшца.
Уьш Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствос луш йолу иэсан мидалш йу.
Ведомствон совгӀаташ даздаран хьолехь дӀаделира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана.
Билгалдаккха догӀу цигахь дакъалоцуш Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам Делимханов Шарип а, кхиберш а хилла хилар.