
Берашна лерина а йолуш, дарбанан а, реабилитацин а Психоневрологин керла туш йан йолош йу «Соьлжа-ГӀалин хӀордана» гуонахарчу майданахь.
Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Керлачу туьшан проект цунна йовзийтина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран декъана Ӏуналла дечу Кадырова Хутмата.
Проектаца а догӀуш, и туш 125 маьнга-меттигна лерина хир йу, йукъайогӀуш бассейн а, ЛФК-н а, физиотерапин а чоьнаш а, ловзаран майданаш а йолуш.
Цул сов, дай-наношна лерина комплекс а хир йу цуьнан кертахь.
Билгалдоккху оцу туьшах пайда хир болуш республикехь 539 бер хилар.