Кадыров Рамзан: Дай-наношна хууш хила дезаш ду шайн доьзалхой хӀун лелош бу

Зуламхой хӀаллакбаран болх Гуьмсехь дӀабирзинчул тӀаьхьа, Кадыров Рамзана, шайн доьзалхойн дола деш хилахьара аьлла, кхайкхам бина дай-наношка.

«Тхайн доьзалхой мичахь бу тхуна хууш дацара аьлча, дай-наношна тӀера бехк дӀаболуш бац. ХӀора а да-нана хууш хила дезаш ду шайн доьзалхо мичахь ву а, иза хӀун лелош ву а«, — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Сийсара, герзаца волу 2 зуламхо а хӀаллаквеш, Нохчийн Республикин бакъонаш ларйаран органийн белхахоша Гуьмсехь леррина операци дӀайаьхьна хилар дагадоуьйту.

Цигахь, операцина куьйгалла а деш, республикин Мехк-Да хилира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: