Литературин рузма

Маргошвили Султан, поэт, гочдархо, вина 1933-чу шеран июль беттан 1-чу дийнахь Гуьржийчоьнан Ахметовски кIоштарчу Дуиси юьртахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейн Iилманан белхахо, Дочу-Борзерчу, Iалхан-Юьртарчу юккъерчу школийн директор, Ахметовски кIоштарчу Джокъоло юьртан юьртда волуш. Стихаш зорбане йийлина «Даймохк» газетехь, «Орга», «Вайнах» журналашкахь, юкъарчу гуларшкахь. 2002-чу шарахь араелира стихийн шен гулар. С.Маргошвилис боккха болх бина гуьржийн гоьбевллачу яздархойн – Александр Казбегин, Нодар Думбадзен, Илья Чавчавадзен, Галактион Габидзен, Григола Орбелианин, Важа Пшавелин, Николаз Баратишвилин – исбаьхьаллин произведенеш нохчийн матте гочъеш.

Бексултанов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо, вина 1954-чу шеран июль беттан 1-чу дийнахь Казахстанан Кустанайски областерчу Мыдыгер юьртахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. 1987-чу шарахь дуьйна «СтелаIад» журналехь къахьоьгуш ву (коьртачу редакторан заместитель, 2007-чу шарахь дуьйна – коьрта редактор).

Яздархочун дийцарийн дуьххьарлера «Мархийн кIайн гIаргIулеш» гулар зорбане яьлла 1985-чу шарахь. Цул тIаьхьа цуьнан исбаьхьаллин белхийн масех гулар араяьлла («Юха кхана  а, селхана санна» – 1988, «Наггахь, сайн сагатделча» – 2004, «Я хьан тухур ю буьйсанна хьан неI» – 2004, «Дахаран хин генара бердаш» – 2009, иштта кхин а).

Осмаев Асламбек, поэт, вина 1946-чу шеран июль беттан 2-чу дийнахь Казахстанехь, Дашо мидалца юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Ростоверчу пачхьалкхан университетан журналистикин факультетехь. Белхаш бина Шела районан «Коммунизман байракх», кегийрхойн «Комсомольское племя» газеташкахь, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь, «Орга» журналан редакцехь. «Ткъесан цинцаш» – 1978 шо, «Байначу седанан серло» – 1980 шо, «Бераллин урам» – 1982 шо, «Хьалхара гIаргIулеш» – 1984 шо, «Лекха гене» – 1992 шо стихийн гуларийн автор. Тахана вайца вац Асламбек, амма, нохчийн поэзин цхьа дакъа хилла яха йисина цуьнан байташ.

Талхигова Роза, поэтесса, гочдархо, йина июль беттан 3-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Дешна М.Горькийн цIарахчу Литературин институтехь. Белхаш бина «Вайнах» журналехь, Нохчийн Республикин адамийн бакъонаш ларъяран Векалан пресс-службехь.

Школехь йолуш дуьйна йолаелла Роза поэзехь шен хьуьнарш зиэн. Стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а. 1983-чу шарахь С.Бадуевн цIарахчу республикин литературин конкурсехь шолгIа меттиг йоккху поэтессас.

ХIетахь дуьйна литературин хьаьрмахь жигара къахьоьгуш схьайогIу Роза. 1995-чу шарахь Россин яздархойн союзан могIаршка дIаоьцу иза. 2007-чу шарахь араелира стихийн шен гулар а («Оглянувшись в листопад»).

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: