Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо 50 петар йелла хӀусамашца чӀогӀа хьашто йолчу доьзалшна

ХӀусамашца чӀогӀа хьашто йолчу Соьлжа-ГӀаларчу 50 доьзална петарш йелла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Церан могӀарехь бу заьӀапхой а, дуккха а бераш долу а, шайн доьзалхой тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу а доьзалш.

Керлачу петарийн догӀанаш царна дӀадаларан болх Соьлжа-ГӀалин мэрин гуламан зала чохь дӀабаьхьира.

Цигахь дакъалецира НР-н вице-премьера — бахаман а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министра Кадыров Хьамзата, Берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан Республикерчу декъан Кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Ахьмада, Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада.

Цара билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан гӀо-орца бахьана долуш, бахархойн хьашташ лехамел а алссам кхочушдан ницкъ кхочуш йу республикин а, муниципалитетийн а тӀегӀанашкара органаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: