Кхелхинчу нохчийн бакъонашларйархойн доьзалшна ахчанца гӀо дина

Нохчийн Республикехь дуьненайукъарчу терроризмаца къийсам латторехь кхелхинчу нохчийн бакъонашларйархойн доьзалшна ахчанца гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Оцу доьзалшна и ахчанаш дӀадаларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас — берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан Республикерчу декъан Кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Ахьмада.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, бакъдуьнена бирзинчу вежарийн доьзалшна гIо-накъосталла латтор — дуьххьалдӀа долу вайн декхар ду.

Нохчийн халкъан ирсечу кханенан дуьхьа цара шайн догӀмаш а, синош а дӀаделла хиларна тӀе тидам а бахийтина республикин Мехк-Дас.

«Церан доьзалийн хьашташ кхочушдийр ду вай даима а. Мел оьшург церан хилийтарехь къахьоьгур ду вай. Вайн сийлахь декхар ду иза«, — йаздина Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: