Къоман проектан гурашкахь спортан майда йина ГӀуш-Кортахь

Шуьйтан кӀоштарчу ГӀуш-Кортахь спортан кхузаманахьлера майда йина.

Меттигерчу бахархойн дехарца йина йолу иза мини-футболах а, баскетболах а ловза аьттонаш болуш йу.

Цул сов, воркаут-майда а дӀатарйелла цунна герггахь.

И белхаш дӀабаьхьна «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проектан гурашкахь.

Оцу хьокъехь хаам бинчу гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос билгалдаьккхина карарчу шарахь тойан леринарг йукъараллин 34 майда хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: