
Шахматашкахула йолчу Нохчийн Республикин Кубкан 3-гӀа мур («Вайнах» Гран-при) дӀабаьхьна А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекехь.
Махкарчу 5 муниципалитетан 39 векал вара цигахь дакъалоцуш.
Къовсаман жамӀашца а догӀуш, 1-ра меттиг Саидов Билухьаьжа йаьккхира, 2-гӀа меттиг — Дежурко Аркадийс, ткъа 3-гӀа меттиг — Бимиев Ахьмада.
Божаберашлахь толам баьккхира Мусаев Мухьаммада, ткъа зудаберашлахь — Исембаева Иманис.
Ветеранашлахь толам баьккхинарг Абдуллаев Хьамзат ву.