ГӀалагӀазкхалла кхиоран гӀуллакхаш дийцаре дина лерринчу цхьаьнакхетарехь

Нохчийн Республикерчу гӀалагӀазкхаллин векалшца цхьаьнакхетар хилла Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.

Коьртехь министран гӀовс Баширов Сайд-Мохьмад а волуш дӀадаьхьначу цигахь дийцаре дина гӀалагӀазкхалла республикехь кхиоран маьӀне гӀуллакхаш.

Шайна коьрта а, маьӀне а хеташ йолуш агӀонаш йовзийтира хьешаша, цул сов, баркалла а элира Нохчийчоьнан куьйгаллина, шайн хьашташ кхочушдарал сов, даима а шаьш тергонехь латтош хиларна.

Царна а, нохчийн махкахь дехачу кхидолчу халкъашна а дахаран, кхиаран бегӀийла хьелаш кхолларан болх Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀахьош хиларна тӀе тидам Баширов Сайд-Мохьмада а бахийтира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: