Кадыров Ахьмад цхьаьнакхетта Азербайджанан экологин министраца Бабаев Мухтарца

Йерригроссин берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан Республикерчу декъан Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Ахьмад цхьаьнакхетта Азербайджанан экологин а, Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а министраца Бабаев Мухтарца.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, цхьаьнакхетар Азербайджанан пачхье йолчу Бакухь хилла ду.

Алиев Гейдаран 100 шо кхачаран мероприятеш кечйаран а, дӀайахьаран а гӀуллакхна леринчу балхаца, нохчийн делегацин коьртехь а волуш, Бакухь ву Кадыров Ахьмад.

Оцу даздарийн гурашкара цхьамогӀа гӀуллакхаш Нохчийн Республикехь а дӀадахьа лерина хилар билгалдаьлла цигахь.

«Вайн халкъашлахь динан а, культурин а зӀенаш чӀагӀйарехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна къахьегна ву Алиев Гейдар а«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: