Вайн махкарчу уггаре а къоначу гӀалахь дӀатарйинчу лерринчу Ӏалашонийн ведомствийн хьашташна керла гӀишлош йийр йу.
Иза билгалдаьлла ТӀехьа-Марта кхиоран балхана лерина а йолуш, Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу кхеташонехь.
«Прокуратурин а, МВД-н а, ФСБ-н а, МЧС-н а хьашташна леринчу керлачу гӀишлошца доьзна кехаташ хӀинцале а дӀасадахьийтина. Цаьргахь хӀинца йолу гӀишлош лехамашца йогӀуш йац — керлачу гӀишлошка дӀакхалха йезаш йу уьш. Оцу декъехь хьоьгуш къа ду«, — хаийтина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.