Туризман гӀирсаш прокате баларан туш схьайиллина лаьмнашкахь

Туризман гӀирсаш прокате баларан проект кхочушйина Шаран кӀоштахь.

«Туризм а, хьошаллин индустри а» къоман проектан гурашкахь кхочушйина проект йу иза.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин туризман министерствос.

Билгалдаьккхина ма-хиллара, 2.3 млн ₽ гергга грантах пайдаэцна иза кхочушйарехь.

Прокате луш вилспеташ а, четарш а, тӀоьрмигаш а, леррина пхьегӀаш а, кхиболу гӀирсаш а бу.

Туьшан болх дӀаболоро Шаран кӀоштахь экологин туризм кхиорна Ӏаткъам бийриг хиларх тешаш бу туризман министерствон векалш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: