Книга – хаарийн хьоста Берийн библиотека

Берийн библиотекехь уггаре хьоме хьеший, кхеташ ма-хиллара, бераш ду. С.В.Михалковн ц1арахчу республикански берийн библиотекехь массо а хенахь хазахетарца т1еоьцу уьш, цул сов церан самукъадаккха конкурсаш вовшах а етта, иштта уьш цхьацца ловзарех ловза а ловзуьйту. Библиотеки чохь 2 ешаран зал ю, хьалхарчу зала чохь книгаш йоьшу 1-чу классера 5-чу классе кхаччалц болчу дешархоша. Цу чохь берашна оьшучуьнга хьожуш, болх беш ю библиотекарь Гацаева Фатима. Шолг1ачу зала чохь 6-чу классера 11-чу классе кхаччалц болу дешархой хуьлу. Царна еза книгаш царна кхачо г1ерташ, цу зала чохь къахьоьгуш ю библиотекарь Дудаева Хьава. Берийн библиотекин болх иштта д1ах1отторна т1ехь сема 1уналла латтош директор Сайдумова Зулай ю.

Берашна библиотеки чохь уггаре хазахеташ цхьа чоь ю, цуьнан ц1е а ю берийн ойла т1ейохуьйтур йолуш хаза. Иза  «Туьйранийн чоь» аьлла ю. Цу чохь туьйранаш деша а, парг1ат ловза а йиш ю кегийчу ешархойн. Бераш мультикашка а, берийн туьйранашка а хьовсу,  «Гаьнгали» ц1е йолу передача къаьсттина хазахета берашна. Оцу проектан автор берийн библиотекин директор Сайдумова Зулай ю. Передачи  юкъахь виъ турпалхо ву: Маьлх-Аьзни, Ч1ирдиг, Майршок, Туьйр-туьйр-туьйранча. Передачехь берийн яздархочух лаьцна а дуьйцу, цуьнан туьйра а, байташ а йоьшу. Билгалдаккха лаьа и ролаш ловзош болу «актераш» библиотекин ешархой хилар. Маьлх-Аьзни Соьлжа-Г1аларчу №18 йолчу школин 6-чу классан дешархо Сайдулаева Раяна ю, «Ч1ирдиг» №61 йолчу школин 6-чу классан дешархо Мунаев Мохьмад ву, «Майршок» №48 йолчу школин 6-чу классан дешархо Сайдумов Ансар ву.

Библиотеки чу дог1учу бераша тайп-тайпана туьйранаш а, книгаш а йоьшу. Дукхахьолахь берашна дезаделла яздархочун Г.Александрован «Домовенок Кузька и волшебные вещи», «Домовенок Кузька и его сундучок» туьйранаш, Л.Н.Толстойн туьйранаш а, байташ а, А.Бартон «Берашна туьйранаш» а. Уггаре хазахеташ дерг – дай-наной шайн берашца цхьаьна  библиотеке бахкар ду. Цара шайн берашна книгаш марзъяхь, уьш хьекъале кхуьур а бу, царна цунах боккха пайда а бер бу. Аьхкенан каникулашкахь а библиотекин белхахоша тайп-тайпана конкурсаш ярца самукъадоккху берийн. Масала, «Х1етал-металш» конкурс.  И дерриге а берашка дуккха а книгаш ешийта а, царах цаьрга пайдаэцийта а, библиотекарша беш болу болх бу. Х1инца церан боккха лаам бу шайн хилла болу массо а книгашъешархой схьа а гулбина хаза цхьаьнакхетар д1адахьа. Дела реза хуьлда ала лаьа царна, цара вайн т1екхуьуш долу бераш нийсачу новкъа даха г1ерташ  къахьегарна.

ЛОРСАНОВА Зарета.

Авторан сурт.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: