«Северный» аэропортан токаца йоьзна кхерамзалла лакхайоккхур йу

35 кВ «Аэропорт» подстанци карарчу шарахь тойийр йу «Чеченэнергон» говзанчаша.

Билггал аьлча, цуьнан кертахь кхитӀе а трансформатор (4 МВА) хӀоттор а, 0,5 км йохаллехь токан керла аса йигар (35 кВ) а ду Ӏалашонехь.

Оцу балхах Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортана а, Ӏалхан-Чурт йуьртана а токаца кхачо а хир йу, цуьнца йоьзна кхерамзалла а лакхайер йу.

Говзанчаша билгалдаккхарехь, хӀинцале а дӀаболийна и белхаш дӀаберзо кхин 6-8 бутт безар бу.

Цуьнца цхьаьна, карарчу 2023-чу шарахь шаьш кхин а 3 подстанци тойеш хилар а хаийтина цара: 1) «Октябрьская», 2) «ГРП-110», 3) «Беной».

Нохчийн Республикин электросетийн комплексан чӀагӀалла а, тешамалла а лакхайаккхаран программин гурашкахь дӀахьош белхаш бу уьш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: