БПЛА-х жигара пайдаоьцуш бу СВО-хь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой

ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой жигара пайдаоьцуш бу БПЛА-х.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Иштта, цуьнца цхьаьна, коьртехь Иблаев Муса а волуш, Запорожьехь БПЛА-х пайдаоьцуш болу «Юг-АХМАТ» батальонан бӀаьхой а гайтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

«Россин нуьцкъаллин кхийолчу структурашца цхьаьна кхочушйо цара мехкан куьйгалло шайна хьалха хӀиттийна Ӏалашонаш«, — йаздина Кадыров Рамзана.

Цул сов, нохчийн бӀаьхоша пайдаоьцуш йолчу БПЛА-шна мостагӀан РЭБ-х цхьа а кхерам цахилар а хаийтина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: