Белхан гӀуллакхца тахана Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр.
Кадыров Рамзанан а, шен а хиллачу цхьаьнакхетарехь Россин Федерацин Талламан комитетан «Доблесть и отвага» мидал йелира цо Нохчийн Республикин Мехк-Дена.
Цхьаьнакхетар а, мидал йалар а дӀадаьхьира Нохчийн Республикехула йолчу Россин Федерацин Талламан комитетехь.