
Спортан башха зал йийр йу БердкӀелахь.
«Ас спорт хоржу» проектан гурашкахь дӀахьур бу иза йаран белхаш.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министра Ибрагимов Ӏийсас.
1 615,0 м² дӀалоцуш хир йолчу оцу спортзалан проектан кехаташ хӀинцале а чекхдевлла.
Модулан конструкцех лаьтташ хирг хиларе терра, иза йаран белхаш а сихонца чекхбевр бу.