Ӏамош болу лоьраш шайн балха тӀехь тоьлларш хила беза

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс а, могашалла Ӏалашйаран декъан куратор а йолчу Кадырова Хутмата цхьаьнакхетар дӀадаьхьна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу НПУ-н Медицинин институтан директорца Батаев Хизарца.

Институтан балхаца а, студенташ Ӏаморан программашца а, хьехаран гӀуллакх лакхадаккхарца а доьзнарш дийцаре дина цигахь.

Иштта, студенташца цхьаьнакхетарш дӀадахьа Ӏалашо йолуш ша хилар Кадырова Хутмата а хаийтина.

Цул сов, медицинин декъана белхахой кечбаран гӀуллакх шен тергонехь латтор долуш хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

«Вайн Медицинин институт Россехь а йевзаш хилийта, вай Ӏамош а, кечбеш а болу лоьраш шайн балха тӀехь тоьлларш хилийта къахьега дезаш ду«, — дийцина Кадырова Хутмата.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: