Дицлур доцу цхьаьнакхетар

IMG_4819

Школа. Бералла. Къоналлин шераш.  Шен  исбаьхьаллех ирс эца, мерзаллин чам бовза кхетам ца тоьаш, ойланашца, лаамашца сихха чекхъяларе сатуьйсуш, и тIаьхьа йисарна кхоьруш, ницкъ беш, кхоамза яйъина хан. Шаьш чекхдевлча, байттамалле доьрзий, гIан-набаршца дуьхьалтуьйсуш, сахьтан цхьамза санна, юхадерзон таро цахиларна, дог дожош, бIаьргах хи доккхуш,  бекхаме шабарца, паналлехь дIадов денош.

Жимма хан яьлча, иштта ойланаш хир елахь а, тахана шайн дуьхьа дуьне лаьтта аьлла хета къоначарна. Церан дуьхьа ца латтахь а, цаьргахь-м ду хIара тахана. Цундела, церан ирс-аьтто хилар коьрта ду вайна, дай-наношна, хьехархошна, уьш ирсе бехийла луучарна массарна а.

И лаам бара ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртарчу, ша дешначу юкъарадешаран школерчу берашца цхьаьнакхета, Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствон (МИД) дипломатически Академин профессор, экономически Iилманийн доктор Дашаев ИбрахIим варан. Цуьнца цхьаьна вара СССР-н халкъан артистан Эсамбаев Махьмудан цIарахчу Москварчу искусствон школин директор, Россин халкъан артист Мальцагов Докка а, кинон а, театран а артист Исламов Султан а. Шайн юьрта иштта беза хьеший богIуш, цаьрга болчу ларамна гулъеллера юьртан къано, яздархо Берсанов Хожа-Ахьмад а, юьртда Агзаев ТIаус а коьртехь волу юьртахойн тоба а, дешархой а.

Школин уьйтIарчу  даккхашна кIел маршалла, хьал-де хаттарца, вовшашна бевзира хьеший а, хIусамдай а.

– Цхьана хенахь сан некъ а кхузара дIаболабелла, – элира И.Дашаевс, – ШаIми-Юрт суна даима а хьоме хилла а, хир йолуш а  ю. Ткъа тахана тхо кхуза дахкар, шун, кегийрхойн, дешархойн дог хьаста Iалашо йолуш ду. Мелла а дахарехь зеделларг долуш хиларе терра, тхан ала ду шуьга, гIишло шерашкахь латтийта чIагIонна оьшу лард санна, дешар ду шуна дахаран лард. Иза кIорггера, дика дешар хиллехь, шун дахар а чIагIо йолуш хир ду. Мехкарий, шуьга ала а дара сан. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хIора а адаман дуьххьарлера хьехархо нана ю аьлла, ткъа ненан мах уггаре а лакхара хадийна. Цундела, шун карахь доьзалан дахар хиларе терра, вайн мехкан кхане а ю. Дала аьтто бойла шун.

Россин пачхьалкхехь а дукха бац хореографехула халкъан артисташ. Царах цхьаъ ву Мальцагов Докка.  Цо билгалдаьккхира:

– ШаIми-Юьрта кхачар дозалла хеташ ву со. Шун юьртахо Берсанов Хожа-Ахьмад санна яккха цIе а йолуш, хьехамча, Iилманча, яздархо волуш дукха ярташ яц вайн махкахь. И ган, вовза болчу лаамца веана со. Юьртана хьалхаваккха дозалла а, сий а долуш ца хиллехь юьртда ТIаус а аш хоржур вацара. Суна доккха сий ду и нах бовзар а, иштта нах бехачу юьрта кхачар а. Аш шайн юьртан, шайн дайн цIе ларъян а, сийдан а деза. Шен ворхIе а ден цIе хаа еза хIоранна а. Цара лелийна диканиг, оьзданиг довза деза. Кху юьртара арадевлча а, шайн юьртан сий лардан деза, махкара арадевлча ерриге а республикин сий лардан деза, ткъа махкара арадевлча, шаьш россихой а, нохчий а дуй  хууш, ерриге а пачхьалкхан сий лардан деза. И дерриге а Iилмано, йозано, дешаро бен стеган дагчу дуьллуш дац, цундела, деша деза аш, говзалла Iамо еза.  говзалла хилча, вайна массарна а пайдехь хир ду шу. Дала дукхадахадойла шу.

– Могаш вацахь а, иштта хьеший вайн юьрта баьхкича, чохь Iен синтем цахиларна схьавеана со, – элира Х.-А.Берсановс, – шуна, къоначу сайн юьртахошна а, тIебаьхкинчу хьешашна а довзийта лаьа суна, йийца цIерш йолу нах схьабевлла юрт хIара ШаIми-Юрт хилар. Советан Iедал дIахIоьттинчу хенахь, Нохчийчоьнан «народный комиссар здравоохранения» вайн юьртахо Казалиев СаьIид хилла. Нохчийчоьнан дуьххьарлера летчик Абдулхалимов Хьамид а вайн юьртахо хилла. Нохчийн зударех дуьххьарлера яздархо ю Исаева Марем, ткъа шолгIаниг Ахматова Раиса вайн юьртахо ю. Советан Iедалан кадраш кечъеш дешначех ву Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университет чекхъяьккхинчу хьалхарчех волу Шахгириев Ахьмад. Иза вара ТIехьа-Мартан район схьайоьллуш хьалхара секретарь хаьржинарг а, тIеман шерашкахь Висаитов Мовлидан дошлойн  полкехь эскадронан командир хилларг а. «Архипелаг Гулаг» олуш хиллачу лецначу нехан пачхьалкхехь, гIараваьлла турпалхо хилла вайн юьртахо Джабраилов Ваха.  Лецначу  мискачу нахана церан напха дIа ца кхочуьйтуш гIело ечу къушца тIом латтийна цо. Кху ШаIми-Юьртара схьабевлла йийца цIерш йолу Iеламнах а, звлаяаш а – Гина-Шайх, Ахьмадукъ-Хьаьжа, цуьнан кIентий – Ахьамт-Хьаьжа, Муслим, Сулиман Юсуп, кхиберш. Кху ШаIми-Юьртара беркат даржийна оцу наха гуонахарчу ярташка, царна  юккъера гергарлонаш, юкъаметтигаш латтийна, шайгара доккха беркат схьадаьлла къонахий хилла. Цундела боху шуьга, вайн хьешаша а, ас а, шаьш миччанхьа кхаьчча а, шайн бух бевзаш, шайн мотт а, мохк а бевзаш, къоман гIиллакх-оьздангалла ларъеш хила.

Вайн махкахь дика вевзаш волу Исламов Султан вовзуьйтуш, Дашаев ИбрахIима билгалдаьккхира:

– Султан вевзаш ву забарча а, илланча а санна. Амма цуьнан похIмин  ницкъ кхаьчна дерриге а дуьненахь а евзачу Венициански кинофестивалехь Россин кинос  дуьххьара яьккхинчу Гран-прихь дакъалаца. И совгIат даьккхинчу Кончаловский Андрейн «Дом дураков» фильмехь коьртачех роль ловзийнарг  ву Султан. И бахьана долуш Италехь, Германехь, ерриге а Европехь а девза вай. Иштта лараме нах вай долчу бахкар а вайна сийлалла ю.

– Школа чекхъяьккхина девллехь а, дахаран некъан галморзахаллаш йовза еза бераш ду шу, – элира Исламов Султана, –  Дала шайн даго ма лоьхху, ирсе хуьлда шун дахар.

Султана илли олуш а, забаре дийцарш дуьйцуш а, наггахь хелхаран бал боккхуш а, масех сохьтехь дIадахара цхьаьнакхетар. Иза дIадоьрзуш, шен юьртахойн а, шен а цIарах Султанна а, цуьнан накъосташна а даггара баркалла элира юьртан администрацин куьйгалхочо:

–  Кху тIаьхьарчу шерашкахь кхара санна доггах вайн дог хьаьстинарг, самукъадаьккхинарг карор а вац, Дела реза хуьлда кхарна а, вайн юьртахо велахь а, вайца лараме волчу Дашаев ИбрахIимна а.

Дешархошка  хьехам беш бистхилира хьехархой: Ибрагимова Рукъет а, Сибиров Сулиман а, Элиев Шарип а. Церан дешнашкахь шайн дешархой дай-наношна, юьртана, махкана пайдехь болуш кхуьийла лаар дара.

Т.Саралиева

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: