
Промышленностехь баккхий кхиамаш гайтина йу вайн республика даханчу 2022-чу шарахь.
Оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, промышленностан проекташ кхочушйарна оьшуш долу инвестицийн хьелаш кхолларехь дукха гӀуллакхаш дина оцу шарахь.
«Тахана вайн республикехь болх беш 500 сов промышленностан предприяти йу. Царах цӀейахханарш «ЧеченАвто» а, «ГрозСтройКерам» а, ИСТ «Казбек» а, «Чеченцемент» а, «Чеченнефтехимпром» а, кхийерш а йу«, — дийцина Кадыров Рамзана.