
БегӀийла хьелаш долчу йаккхийчу гӀаланийн рейтинг йовзийтина Россин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.
241 балл а йоккхуш, рейтинган коьрте кхаьчна Соьлжа-ГӀала.
2018-чу шарахь дуьйна ларалуш йу Нохчийн Республикин пачхье бегӀийла хьелаш долу гӀала.
2021-2022-гӀий шераш дуьстича, рейтингехь кхин а 9 балл йаккхина цо.
ГӀаланашкахь бегӀийла хьелаш хилар 36 индикаторца къастош ду.
ХӀусамашца а, гуонахарчу майданашца а, некъашца а, йукъараллин а, белхан а инфраструктурица а, и.д.кх.а дакъошца доьзнарг ду цунна йукъахь.