
Нохчийчуьра шатайпанчу экономикин майданаш кхиоран гӀуллакхаш дийцаре дина Москвахь.
Коьртехь вайн мехкан Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш, нохчийн делегацин цигахь цхьаьнакхетар хилла Россин Федерацин экономикин кхиаран министран гӀовсаца Назаров Сергейца.
Шатайпанчу экономикин «Грозный» а, «Ведучи» а майданашца доьзна гӀуллакхаш коьрта хиллехь а, тидамза ца дитира «Чеченцемент» завод тойаран гӀуллакх а.
Цул сов, машенаш йаран декъехь къахьоьгур йолу индустриальни парк вайн республикехь кхоллар а айъира цигахь.
Хучиев Муслима билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан промышленность кхиорна боккха Ӏаткъам бийр болуш проекташ йу уьш.