
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман «Даймохк» газето а, Журналистийн союзо а цхьаьна дӀайаьхьначу «Сан Нохчийчоь а, сан нохчийн мотт а!» конкурсан жамӀаш дина тахана «Даймохк» газетан редакцехь.
Вайн махкарчу ишколашкарчу лакхарчу классийн дешархоша нохчийн маттахь тоьлла сочиненеш йазйаран кепехь дӀайаьхьна йара иза.
Церан белхаш теллинчу жюрин сацамца а догӀуш, совгӀаталлин 4 меттиг йара билгалйаьккхинарг: 1-ра меттиг — 1, 2-гӀа меттиг — 1, 3-гӀа меттиг — 2.
Конкурсан жамӀаш иштта ду: 1-ра меттиг — Сурхаев Асхьаб (Долинскера йуккъера ишкол); 2-гӀа меттиг — Иризиева Иман (Мескар-Эвлара йуккъера ишкол); 3-гӀа меттиг — Ахъядова Иман (ЧӀуьлга-Йуьртара №10 йолу гимнази); 3-гӀа меттиг — Махматхаджиева Мата (БелгӀатой-Эвлара №1 йолу ишкол).
Дипломашца а, мехалчу совгӀаташца а билгалбехира уьш.
Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директора Музуров Ламберта, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатела Исмаилов Илеса, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата.