Кхоллараллин серлонехь

2015-чу  шеран  бIаьстенан  сихаллехь  тидам  бан  ца  ларош,  тIехтили  нохчийн  поэтан  Косумов  Сайд-Мохьмадан  50 шо  кхачар.

1965-чу  шеран  22-чу  апрелехь  вайн  махкарчу  Гуьмсан  кIоштана  юкъайогIучу  Азамат-Юьртахь  дуьнен чу  ваьлла  иза. Схьабовлар  Шоьнара  делахь  а,  Iер-бахар  цигахь  хилла  КосумовгIеран.  Азамат-Юьртахь  чекхъяьккхина цо  школа. Литературе  безам  дукха  хьалхе  кхоллабелла.  Лакхарчу  классашкахь  доьшуш  волуш  дуьйна  байташ  язъян   волавелла. Цхьа  ирс  хилла  Сайд-Мохьмадан  жимчохь.  Нохчийн  Республикин  халкъан  поэта   Рашидов  Шаида  Iуналла  деш, цкъа  мацах Гуьмсан  кIоштан  газетехь  вовшахтоьхна  литературни  цхьаьнакхетаралла  хилла  ,  «Шовда»  цIе  йолуш.  Халкъана,  махкана  бевза дукха  поэташ  бевлла  цу  беркатечу  бенара.  «Шовданехь» дуьххьара  зIийдиг  таса  йолаелла  ю  Косумов  Сайд-Мохьмадан  поэзи  а. ХIинца-м  цуьнан  зорбане  яьлла  масех  гулар  ю. «Муо  битина  шераш», «Дуьнено  ха  хорцуш», «Ирс  лоьху  хан»,  «Турпала  са», «Хаьржинарш». Вайн  махкахь  лаьттинчу  тIеман  къахьонах  язйина  оьрсийн  маттахь  кхин  цхьа  гулар  ю  Сайд-Мохьмадан «Кружился  смерч».

Нохчийн  маттахь  а,  оьрсийн  маттахь  а   яздо  поэта. Цуьнан  кхолларалла  евзачунна  билгалдолу,  Косумов  Сайд-Мохьмад  кIорггера  хаарш долуш,  нохчийн, оьрсийн, дуьненаюкъара  литература  евзаш,  шен  къам, мохк  дезаш,  хьаналчу  къинхьегамца  напха  доккхуш, нуьцкъала  амал  йолуш    адам  хилар.  Бераллехь  дуьйна  нохчийн  къоман  культура,  искусство  езаш  хиларна,  школа  чекхъяьккхичхьана,  Гуьмсан  кIоштан  культурин  кхерчашкахь  болх  бина  цо.  1988-чу  шарахь    кхиамца  чекхъяьккхина  Соьлжа-ГIалара  Культпросвет  училище.  Цул  тIаьхьа  иштта  кхиамца  чекхъяьккхина  Махачкалара  Урхаллин,  экономикин, бакъонийн  институтан   юридически  факультет.

ХХ–ХХI-гIий  бIешераш  хотталучу  муьрехь  инзаре  ирча  бохамаш  хьаьвзира  Нохчийчу.  Дукха  адам  махках  делира  шайн  синош  довдийна. Церан  бехк  бацара.  Кхузахь  къинхетамза  кхерсташ  тIеман цIе  яра дерриге  а дуьне  Iадийна.  Делахь  а.  кIезиг  бацара  тIеман  кIуьрлахь  садукъийначу  нана-Нохчийчоьнца  къиза  бала  бекънарш  а.  Царах  цхьаъ  вара   Косумов  Сайд-Мохьмад. Уггаре  а  халачу  хенахь,  цхьана  денна а шен  болх  дIа  ца  тесира  цо.  Цул  совнаха,  2001-чу  шарахь  араваьлла  вовшахтуьйхира  вайн  махкарчу  культурин  белхахойн  профсоюзаш.  Цуьнан  жигаралла,  синкомаьршалла  тидаме  эцна  Нохчийн  Республикин  культурин  белхахоша  республикин  комитетан  председатель   хаьржира  иза.  Дукха  нахана  гIо-накъосталла  дина,  хаддаза  шен  йолчу  таронца,  культурин  белхахойн  дог  иркарахIоттийна  стаг  ву  Сайд-Мохьмад  цу  буьрсачу  заманахь.  Чиновник  вара  аьлла,  иза  цкъа  а  ца  хилла  мискачу  стагана  пебетташ.  Цуьнгахь  даима  хилла  адамалла,  собар, гIиллакх-оьздангалла.  2007-чу  шарахь  Гуьмсерчу  хьехархойн  колледжан  директор  хIоттаво  иза.  ТIаккха  говзаллин  лаккхарчу  тIегIанехь  дIакхоьхьу  цо  шена  Iедало  тIедехкина  декхарш.  ТIекхуьу  чкъор  къоман  кхане  юйла  хууш,  юьхьанцарчу  классийн  хьехархой   цу  хьостанехь  лаьттийла  хууш,  кхетош-кхиоран  балхана  тIе  Iаламат  боккха  тидам  бохуьйтура  Сайд-Мохьмада,  къаьсттина  тахана,  цкъа  а  ца  хиллачу  кепара  вайна  кхетаме  кегийрхой  оьшийла  хууш.  Делахь  а, муьлххачу  поэтан  коьрта  къилба   поэзин  исбаьхьачу  хьаьттахь  къахьегар  ду.  Цунах  дика  кхета  поэт. Миччанхьа балхахь велахь а, кхоллараллин серлонехь къахьоьгуш стаг ву иза. Говзачу  дашца  книгашъешархойн  синкIоргене  кховда  ницкъ  кхочу  цуьнан. Чолхечу  дахаран  аьзнех  юьзна  ю  цуьнан  поэзи.  Нохчийн  къоьжачу  лаьмнех  схьаIийдало   шовданаш  санна  сирла,  цIена  ю  поэтан  байташ.   Уггаре  а  хьалха  адамалле  кхойкху  цара. ТIаккха къаьмнашна  юккъерчу  доттагIалле  кхойкху. Нохчийн  къоман  сирлачу  кханенах  дегайовхо  чIагIйо.  Даймохк  беза  Iамаво.

Журналист,  поэт  волчу  Акбиев  Хаважа  кест-кеста  оьрсийн  матте  йоху  Косумов  Сайд-Мохьмада  нохчийн  маттахь  язйина  стихаш.  Вайн  махкарчу  тоьллачу  иллиалархоша  дукхахъерш  тоххара  мукъаме  ерзийна  шолгIа  дахар  делла,  тIома  а  яьхна  цуьнан  алссам байташ.  И  зевне  иллеш  радиочухула,  телеэфирехь  хеза  вайна.  ЛадогIархоша  хазахетарца  тIеэцна  ду  поэтан  дешнаш тIехь  даьхна  иллеш.

50  шо  дукха  хан  яц  къонахчунна.  Иза  стаг  гIеметтахIутту  хан  ю.  Ша дина.  юьстаха  даьккхинарг   дусту  а, керлачу  анайистошка  бIаьрг  туху  зама  ю  иза.  КIезиг  дац  Косумов  Сайд-Мохьмада  нохчийн  литературехь  динарг. Делахь  а,  Iаламат   хьалхе  ду   цуьнан   кхоллараллин  урд  чаккхене  кхаьчна  ала.  Де-дийне  мел  дели  исбаьхьаллин  ницкъах  юзуш  схьайогIучу  цуьнан  башхачу  поэзис  дегайовхо  кхуллу  Косумов  Сайд-Мохьмадан  керлачу  кхиамашка  сатийса вайн  бакъо  хиларх.

Ткъа  тахана  50  шо  кхачарца  поэт  декъалвеш,  оха  шун  кхиэле  юьллу  цо  язйина  масех  байт.  Поэтан  ерриге  а  кхолларалла  санна  маьIне  а,  чулацаме  а  ю  уьш. Авторан  хьаьъна  ойланаш,  цуьнан  похIма  гойтуш  ю.

 

Ден весет

 

НеIалтан гу тIе хьо ма валалахь,

Сий доьжнехь, и лоьхуш ма вахалахь.

Диканца дайша йоьттина гIала,

Варий, ахь зуламах ма йохкалахь.

 

Сардаман Iин чу а ма вожалахь,

МостагIчун дикаллех ма тешалахь,

Махкана гIаттахь хьо цхьа дика дан,

Амална аьрха дин ма божалахь.

 

Тешамах ца тешам ма хийцалахь,

ГIийлачу стагах а ма велалахь.

Цу хьогIах хьайн деган доттагIа вай.

Ахь нехан ирсаца ма къийсалахь.

 

Зама яц хьесапе, яьккхинарг къуьйсуш,

Баркалла а доцуш цкъа ваьхна ван.

Халонаш хир ю хьан новкъа хуьйшуш,

Амма къар ма лолахь диканиг дан.

 

Даймахкахь, хIусамехь ларбелахь барт,

Ирс баьрчче даккхалахь, ца лоьхуш дов.

Ненан мотт, гIиллакхаш, вайн къоман хатI

Ахь лардахь, хир ю и хьан сийлахь бIов.

 

 

Ден, ненан тешаш

Биъ пен бу вовшашка хьоьжуш,

Тийналла йоьллина юккъе,

Со ву цу тийналлехь соьцуш,

Сингаттам тIехилла юххе.

 

Кху чохь цкъа хьалха ирс даьхна,

Нанас со берахь вакхийна,

Цу ирсо, хьоьстуш, со ваьхна,

Ден, ненан бартаца ийна.

 

Беа а кIажахь ирс лиэпаш,

Селхана дийлина пенаш…

Тахана гIайгIане дисна,

Шайха дIа сингаттам ийна.

 

Юх-юха тийналла лоьцуш,

Пенашна юккъехь со соьцу,

Ткъа цара сан лерса лоьцуш,

Ден, ненан хьехамаш оьхьу.

 

Дайначу ирсан кIайн пенаш,

Веха со шу безам хеташ.

Шу ду сан ден, ненан тешаш,

Шу ду сан теш хила дезарш.

 

Дуьнено ха хорцуш…

 

Iесаллин хесахь ду адамаш хIинца,

ЦIармата маьттазло ю сийлахь сица.

Цундела латта а, цIиндеш, вайн къих а,

Дуьнено ха хорцуш, го нацкъар висча.

 

Харцо тIе мел язло этIар ду латта,

Леш верг а кхуьур вац шех хуьлург хатта.

Воьж-воьжнарг къиношлахь вуьтуш барт хатта,

Дуьне ду ха хорцуш, вайн къинойх къаста.

 

Эхартан цу дийнах ца тешаш ваьхнарг,

ШайтIанан лаамна ирс хеташ ваьцнарг,

Мискачу адамийн къеллех цаваьшнарг –

Дуьнено ха хорцуш, карор ду баьхнарг.

 

Къонахчуьнга

Хьо майрра дахарна

Дуьхьала гIолахь,

Нохчаллех ца вухуш, синан да хилий.

Харцо а, бакъо а ма-ярра голахь,

Нацкъара ца вуьсуш, адмаллех тилий.

 

Хьо майрра дахарна

Дуьхьала гIолахь,

Хьекъалца собарехь доьналла дустий.

ДоттагIий ма леца цаIебарш хьолах,

Къонахчун-м цIе еха, заманах юлий.

 

Хьо майрра дахарна

Дуьхьала гIолахь,

Маьршачу кхолламан новкъа а валий.

Ахь хьайца цу новкъа цхьа кхетам хьолахь,

Диканна нахана са лур ду, алий.

 

Хьо майрра дахарна

Дуьхьала гIолахь,

Хаалахь, тешамаш хьайн дуьхьа боций.

Нагахь синкхетаман иэсе ладогIахь,

Гур хьуна, хьайн вахар

Валлалц бен доций.

 

ГАЗИЕВА Аза

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: