ТӀеман лерринчу операцехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана

Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера.

Telegram чуьрчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь.

Цул сов, Гуьмсерчу Россин спецназан университетехь (РУС), Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо.

Царах цхьаболчарна иза керла дара, ткъа вукхарна — шайн хаарш тӀедузар.

Парламентан спикера Даудов Мохьмада, чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа дакъалаьцна лаамхой новкъабахарехь.

ТӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ: +7(925)661-77-77; +7(925)319-77-77; +7(925)328-77-77.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: