Дешархой дӀасабигаран 84 машен йелла махкарчу ишколашна

Республикерчу иттаннаш ишколашна дешархой дӀасабигаран машенаш йелла.

И беркате болх дӀабаьхьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, дешаран хьукматашна йелларг 84 машен йу.

Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министерствон а, Нохчийн Республикин Правительствон а хиллачу бертан гурашкахь йелла йу уьш республикина.

Вайн махкана иштта мехала гӀо-накъосталла дарна баркалла аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас Россин Президентана Путин Владимирна а, Россин Правительствона а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: