Командашлахь йолчу Россин Чемпионатан Лаккхарчу лиге бевлла нохчийн шахматхой

ХӀинжа-ГӀалахь (Дагестан) дӀайаьхьна Къилбаседе-Кавказан ФО-н шахматашкахула йолу чемпионат.

Бекарг беттан 31-чохь дӀа а йолалуш, оханан беттан 4-гӀа кхаччалц лаьттира иза.

Командашлахь йолчу Россин Лаккхарчу лиге 3 меттиг а къовсуш, цигахь дакъалецира шаьш шахматхоша а, шахматхойн тобанаша а.

Нохчийн Республикин вовшаштоьхна команда 2-чу метте йелира цигахь, лакхахь билгалйинчу Лаккхарчу лиге йаха бакъо а йоккхуш.

Шахматхой шаьш къовсабаларехь а дика жамӀаш гайтира вайн векалша: Саидов Билухьаьжас а, Бимиев Ахьмада а 1-ра меттиг йаьккхира, ткъа Дебзиев Джабраила — 2-гӀа меттиг.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: