
Спортан а, туризман а «Къоьзан-Ӏам» комплексехь пийсак хьакхаран спортхойн туш кхолла лерина.
Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, Россин Федерацин спортан министран Матыцин Олеган а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Иштта, Соьлжа-ГӀалахь а, ТӀехьа-Мартан кӀоштахь а спортан объекташ йаран гӀуллакх а дийцаре дина цигахь.
Республикехь уггаре а къоначу гӀалин (ТӀехьа-Марта) йуккъехь, масала, могашалла меттахӀотторан комплекс йан лерина.
ГТО-н а, «хьекъале» а майданаш йаран белхан жигаралла а лахйийр йолуш йац Нохчийчохь.
Цунна тӀе а тидам бахийтина оцу цхьаьнакхетарехь.