
Хьалха-Мартан кӀоштарчу Гих-Чу йуьртахь дӀахьош бу Гихи хин чхо шордаран а, кӀаргдаран а белхаш.
БӀаьстенан муьрехь дестачу оцу хино шайна зенаш дарца а догӀуш, и белхаш дӀахьо аьлла, меттигерчу бахархоша дехар динера.
ХӀинца, лерринчу техниках пайда а оьцуш, Гих-Чу йуьртахула догӀучу хин чхо шордеш а, кӀаргдеш а ду.
Белхаш дӀабахьарна коьртехь Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерство йу.
Меттигерчу Ӏедална а, бахархошна а боккха кхаъ а, доккха хазахетар а хилла цунах.