
Денна а соцуш бац Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан гӀоьналлин болх.
РогӀера гӀо-орца Луганскан Халкъан Республикерчу Северодонецк гӀала дахьийтина цо.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Берашна а, баккхийчарна а лерина духарш а, гӀайбанаш а, йургӀанаш а, гоьнаш а 7 «КамАЗ» тӀехь кхачийна цига.
Ламасте дирзина ма-хиллара, «АХМАТ» спецназан бӀаьхойн тергонехь дӀадаьхьна гӀуллакх ду иза.