
11 блоках лаьтташ а йолуш, керла 2 корпус йийр йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан хьашташна.
Дешаран а, лабораторийн а балхана лерина и ший а корпус оцу хьукматан дешаран кампусехь дӀатарлур йу.
Математикин а, физикин а, ИКТ-н а факультетана лерина хир йу цхьа корпус, ткъа шолгӀаниг — географин а, геоэкологин а факультетана.
И ши корпус йарал сов, царна гуонахара майданаш а тойийр йу, трансформаторан подстанци а хӀоттор йу, и.д.кх.а.
Россин Пачхьалкхан коьртачу экспертизан пресс-гӀуллакхалло бина оцу хьокъехь хаам.