
Нохчийн Республикерчу совдегарийн форум дӀахьур йу карарчу беттан 10-чу дийнахь.
«Бизнес — керла анайистош» цӀе а йолуш хир йолу иза Совдегаралла кхиоран «ЕДИНСТВО» туьшо а, Нохчийн Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствос а вовшахтухуш йу.
Цигахь дакъалоцур ду хьокъалерчу Ӏедалан органийн а, совдегараллин организацийн а, бизнес-йукъараллин а векалша, дуккха а хьешаша.
Иштта, цуьнан гурашкахь бизнес-тренингаш а дӀахьур йу «Мой бизнес» туьшан векалша.
Форум дӀайахьаран меттиг: the Local Hotels Grozny хьешацӀийнан гуламан зал.