Нохчийн маттана лерина горга стол — Финансийн министерствехь

Вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, республикин Ӏедало а, меттан говзанчаша а, журналисташа а ненан мотт Ӏалашбарехь а, кхиорехь а маьӀне гӀулчаш йахарна билгал а доккхуш, Нохчийн меттан шеран гурашкахь а йолуш, нохчийн маттана лерина горга стол дӀайаьхьна Финансийн министерствехь.

Иштта, кегийрхоша нохчийн мотт бийцарца а, берашна иза марзбарца а доьзначу гӀуллакхна тӀе къаьсттина тидам а бахийтина цигахь.

Оцу балхана Ӏаткъаме хир йолу агӀонаш йуьйцуш, нохчийн маттахь мультфильмаш а, аудиотуьйранаш (дийцарш) а хиларо хьал дикка аттачу доккхург хиларан хьокъехь барт хилла горгачу стоьлан дакъалацархойн.

Цул сов, нохчийн маттахь йолу контент социальни сеташкахь алсамйаккхар маьӀне хилар а дийцина.

Дагадоуьйту и горга стол коьртехь НР-н вице-премьер — финансийн министр С.Тагаев а волуш дӀайаьхьна хилар.

НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран А.Дудаевн тӀедилларца а догӀуш, цигахь дакъалецира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс а, редакцин белхахоша а, нохчийн журналистикин ветерана А.Газиевас а, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Хь.Юнусовс а.

Хьовсархойн могӀарехь бара Финансийн министерствон белхахой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: