Москвахь керла маьждиг даран гӀуллакхна Ӏаткъам барна Р.Кадыровна баркалла аьлла Р.Гайнутдина

Москвахь керла маьждиг дарца доьзначу гӀуллакхна Ӏаткъам барна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна доккха баркалла аьлла шайх Гайнутдин Равила.

«Шайн республикехь а, кхечу меттигашкахь а маьждигаш даран балхаца жигаралла гайтарехь а, бусалбанийн бакъонаш ларйарехь а цӀейаххана пачхьалкхан гӀуллакххо санна вевзаш ву хьо халкъана«, — йаздина Россин Федерацин Бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Нохчийн Республикин Мехк-Дена леринчу шен баркаллин костехь.

Иштта, Москвахь керла маьждиг дан къастийна меттиг йукъараллина а, меттигерчу бахархошна а бегӀийла хеташ меттиг хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Цул сов, шен а, Россин Федерацин Бусалбанийн динан урхаллин а цӀарах Кадыров Рамзан сийлахьчу Мархийн баттаца декъала а вина Гайнутдин Равила.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: