Лайлатул-къадри буьйса

Шарчохь уггаре а езаниг ю шена чохь Къуръан доссийна йолу Лайлатул-къадри буьйса. Лекхаволчу Дала ма-аьлла: «Баккъал а оха доссийна иза (Къуръан) беркате йолчу буьйсанна. Баккъал а тхо ма ду (халкъ Iазапах лардархьама) царна кхерам тосуш. Цу (буьйсанна) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх».

(«Духан» сурат, 3–4 аяташ).

Лекхаволчу Дала Шен лешна рицкъанаш а, Iожалла а, кхидолу хьелаш а тIедогIучу шарна билгалдоху буьйса ю иза.

Оцу буьйсанна йина йолу Iамал (Дела хьехор, Къуръан дешар, и.дI.кх.) и буьйса шайна чохь йоцучу эзар баттахь йиначул дика ю. Лекхаволчу Дала ма-аьлла: «Лайлатул-къадри буьйса дика ю (Шена чохь Iибадат дан) эзар баттал а».

(«Аль-Къадр» сурат, 3 аят).

Лайлатул-къадри буьйса яларца, хIара уммат къинхетам беш къастийна Веза-Сийлахь волчу Дала. Шен Iибадат оцу буьйсанна нисделлачунна, дерриге а дика цунна нисделла. Iибадаташ деш, и буьйса нисъяларе сатийсинчунна йоккха ял хир ю, Дала мукъ лахь!

Рамадан беттан тIаьхьарчу итт буьйсанчохь ларъян езаш  ю иза.

И беркате буьйса муьлха ю билгалйина цахиларан шен бахьана ду. Бусалбанашка тIаьххьара итт буьйса, Элчано (Делера-салам-маршалла хуьлда цунна) яккхарх терра, Iибадатехь яккхийтар ду кхузахь лууш дерг. Цунна шена а хууш ца хилла иза муьлхариг ю. Шена цкъа гайтина иза, цул тIаьхьа йицъялийтина, тIаьхьарчу итт буьйсанах витрунашкахь ларъе иза, аьлла Делан салам хиларо. Дукхахболчу Iеламнаха ткъе ворхIалгIа буьйса хила герга ю иза, аьлла.

Лайлатул-къадри буьйсанан билгалонаш: екхна стигал йолуш, къегина бутт болуш санна сирла, тийна, йовха я шийла йоцуш хир ю, аьлла ду и беркате буьйса. Шена чохь седарчий охьаэгар доцуш, шел тIаьхьа Iуьйранна схьакхетта болу малх зIаьнарш йоцуш, баттах тера болуш хир ю, аьлла а ду.

Iайшата (Дела резахуьлда цунна) хаьттина хилла: «ХIай Делан Элча, Лайлатул-къадри буьйса муьлхарниг ю сайна хиъча, ас хIун ала деза?» Делера салам хиларо аьлла: Ахь ала: « Я АллахI, баккъал гечдеш а, гечдар дезаш  а ву-кх Хьо, гечдехьа суна».

(Ахьмад, Ибн-МаджахI, Ат-Тирмизи).

Оцу езачу буьйсанна дехча гIолехь хиндерг ду хIара. Иштта Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадри буьйсанна, иза мелехь хиларх тешна а волуш, даггара Делан дуьхьа (таравийхь-ламазаш деш) лаьттинарг – цунна гечдийр ду хьалха динчу къиношна».

(Аль-Бухарий, Муслим)

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: