
Украинин эскаран хила тарлуш долчу контртӀелатаран хьокъехь йолу шен дог-ойла йовзийтина Кадыров Рамзана.
«Массо а иштта саготта хӀунда ву кхеташ вац со. Нагахь цара иза дахь, со-м реза хир ву. Кхиаме контртӀелатар дӀадахьа баккхий гӀирсаш а беза царна, алссам шайна иэшам хирг хиларх кхеташ а хила беза уьш. Ткъа вай дӀалаьцна меттигаш дика йу. Вайн эскарийн гӀаролан кепашна кӀеззиг бен гӀирсаш а ца оьшу«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Цул сов, украинхойн а, НАТО-н а салтийн тӀелатар вайна пайда а бохьуш хирг хиларна тӀе а тевжина иза.
«…кхин а маьӀне ду кхечу мехкийн тӀеман техника а, тобанашкахь йийсархой а вайн каракхочург хилар«, — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.
ХӀара мур Россина беркате хиларан хьокъехь дуьйцуш, мехкан Президентан дӀадолорш йукъаралло къобалдеш хилар а билгалдаьккхина цо.
«Вайна пайде агӀонаш йу массанхьа а. Цундела, нагахь НАТО-н хьадалчаш а, украинхойн нацисташ а контртӀелатар дан дагахь белахь, керла герз алссам схьаэцар доьху ас цаьрга«, — дерзийна шен кост-къамел Нохчийн Республикин Мехк-Дас.