Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан №53 (08.04.23) Указца а догӀуш, карарчу беттан 20-22-гӀий денош вайн махкахь мукъа хир долуш ду.
Мархийн бутт чекхболуш хиларна тӀе а тевжаш, и денош мукъа хилар дӀакхайкхоран хьокъехь дехар динарг йу Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла.