
Россин могашалла Ӏалашйаран министерствон Къоман медицинин эндокринологин талламан туьшан говзанчаш хилла вайн махкахь.
Республикерчу эндокринологин гӀуллакхаллин лакхара мах хадийна цара, модернизацин кхиаме агӀонаш билгал а йохуш.
Цул сов, цхьамогӀа медицинин хьукматашкахь а хилла уьш, «эндокринологи» а, «берийн эндокринологи» а дакъошкахь бахархойн медицинин хьашташ кхочушдар а толлуш.
Иштта, республикин Могашалла Ӏалашйаран министерствехь доккха цхьаьнакхетар а дӀадаьхьна цара.
Цигахь бийцаре бина талламан болх, довзийтина хьалхара жамӀаш а, эндокринологин гӀуллакхаллин эвсаралла кхитӀе а лакхайаккхаран агӀонаш а.