Кадыров Рамзана хаийтина балха тӀехь ша мукъа денош эцна хилар.
«Тахана дуьйна мукъа денош ду сан балха тӀехь. Мархийн беттан дисина денош Далла Ӏамалш а йеш дахьа лаьа суна«, — дийцина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Иштта, цо билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин Мехк-Ден декхарш кхочушдарехь Премьер-министра Хучиев Муслима къахьоьгур ду.