Вакцинацеш йойтуш а хила, прививкех зенаш хуьлу бохучу эладитанех а ма теша аьлла, махкахошка кхайкхам бина Кадыров Рамзана

Нохчийн Республикин Мехк-Дас, могашалла Ӏалашйаран министраца Лорсанов Сулейманца шен хиллачу къамелехь, вакцинацешца а, прививкашца а боьзна а болуш, леррина кхайкхам махкахошка а бина.

Берийн могашалла ларйаран декхар дай-наношна тӀехь хилар билгалдаьккхина цо шен кхайкхамехь.

Кадыров Рамзана ма-хаийттара, оцу белхан могӀарехь ду царна оьшшуш йолу вакцинацеш йайтаран гӀуллакх а.

«Оьшшуш йолу вакцинаци, прививка ца йинчу беран могашаллина цхьаъ хилахь, дас-нанас законийн лехамашца жоп делла Ӏийр ма дац — Далла хьалха а жоьпаллехь хир ма ду и шиъ«, — дийцина республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: