
Могашалла Ӏалашйаран декъана Ӏуналла деш йолу НР-н Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс Кадырова Хутмат, шеца цхьаьна Могашалла Ӏалашйаран министр Лорсанов Сулейман а волуш, Берийн клиникин №2 дарбанцӀахь хилла.
Цигахь дархошна медицинин гӀо-орца латторан болх теллина цара.
Иштта, тӀаьхьарчу хенахь цигахь хиллачу хийцамашка а хьаьвсина уьш: дархой тӀеоьцийла а, операцийн блок а тойина, кхузаманахьлера гӀирсаш а тӀеэцна.
Кадырова Хутмата билгалдаьккхина берийн медицинин гӀуллакхалла вайн махкахь кхиорна Ӏаткъам а, терго а ша кхидӀа а латтор йолуш хилар.