200 гергга гӀоьнча хир ву онлайн-кхажтасар дӀадахьарехь гӀо деш

Карарчу беттан 15-чохь дуьйна дӀадолалуш долчу онлайн-кхажтасарехь дакъалоцуш 200 гергга гӀоьнча хир ву.

Цара бахархошна гӀо дийр ду za.gorodsreda.ru сайта тӀехь дӀахьур долчу кхажтасарехь.

Цигахь дакъалацар бахьана долуш, тӀедогӀучу шарахь тойийр йолу йукъараллин майданаш харжа а, шайн кхаж царна дӀабала а аьтто хир бу бахархойн.

Оцу хьокъехь хаам бина вайн мехкан ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: