Белхазалла лахлуш ю

DSC_0102

ХIора стеган дахарехь тIехIутту говзалла харжа еза мур. Иза тIекхаьчча хаттар кхоллало: бIеннаш говзаллашна юкъахь муьлха говзалла харжа еза, сайниг муьлхарниг ю? ТIаккха стага шен амале, шена дезачу гIуллакхе хьожжий шена цхьа говзалла хоржу, караерзайо. Наггахь верг ша хIун говзалла хоржур  яра ца хууш вуьсу. Ишттачохь корматалла, говзалла харжа гIодо гуонахарчу адамаша, къаьсттина шайн болх беза а безаш, цунах воккха а веш къахьоьгуш волчу стага. Цунах Iама, масал эца, цунах тарвала лаьа. Оцу лаамо шена говзалла  харжаран новкъа воккху. Цунна тIаккха ша ирсе  а хета, оцу говзаллица къахьоьгуш болу нах санна.

КIезиг маьIна ца леладо къоначуьнга корматалла харжийтарехь цуьнан дас-нанас, хьехархоша, доттагIаша. Амма уггаре а нийса  сацам бу, стага шен даге ла а доьгIна, шена езаш йолу говзалла харжар. Вуьшта, цхьаверг пхеа-ялх шарахь лакхарчу дешаран заведенехь цхьа корматалла кара а ерзайой, оцу корматаллица болх бан ца лууш Iаш меттиг а хуьлу. Говзалла караерзийна ваьлча, бан болх боцуш меттиг а нисло. Иштта ду-кх дахар. Тайп-тайпанчу бахьанашца бан болх боцуш буьсу кегийрхой.

Оцу хьолана массарел а чIогIа  саготта волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира къона говзанчаш балха хIитторан гIуллакх министерствоша а, ведомствоша а,  муниципальни органаша а жигарадаккха дезаш хилар. Цуьнан и тIедиллар кхочушдархьама республикин нах балха нисбаран службин белхахоша хьокъала боллу болх дIабаьхьна лакхара дешаран заведенеш чекхъяьхна болу къона говзанчаш балха хIитторехь.

ТIехьа-Мартан районерчу бахархой балха нисбаран туьшан директоре  Р.Цагараевга оха дийхира шаьш долчохь белхазаллица а, белхан меттигашца а долу  хьал довзийтар. Цо дийцира дIабаьллачу июнь баттахь бахархой балха нисбаран туьше шайна оьшу  болх хоьттуш 159 стаг веана хиларх лаьцна. Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь ТIехьа-Мартан районехь белхазаллин барам 13,4 процент бу. Болх луш болчара гайтинарг 271 балхан меттиг ю. Белхан паргIат йолчу меттигашка оьшург 159 белхахо ву. Туьшо хьажорца июнехь гуттаренна а болчу балха  хIоттийна 56 стаг. ХIара шо карадеачхьана дуьйна бахархой  балха нисбаран туьшо, некъ а хьехна, балха  хIоьттина  193 стаг. Болх лучарна оьшуш бу корматаллин лоьраш, хьехархой, социальни белхахой.

Таханлерчу дийнахь ТIехьа-Мартан районерчу бахархой балха нисбаран туьшехь хьесапе  эцнарг. 1925 белхазхо ву. Делахь а туьшан куьйгалхой а, говзанчаш а тешна бу  царна  болх бан меттигаш карориг хиларх. ХIунда аьлча Нохчийчохь  белхазалла  лахлуш йоьдуш ю, керл-керла белхан меттигаш кхуллуш ю регионан гIаланашкахь а, ярташкахь а.

ЮНУСОВА Равзан

Суьрта тIехь: Р.Цагараев

№ 74, шот, 4 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: